Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма хІинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тІехь баьчча вина дІа а хІоттор ву, хІунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина». ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. Шаул тхуна тІехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тІам тІе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тІехь жаІу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“».
Выбор основного перевода