Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне а, цуьнан кІенташка а иштта дІаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе: Везачу Эло шу декъал а дойла, Цо шу лар а дойла! Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла, Цо шуна синпаргІато а лойла!“» Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цІе а йоккхуш, исраилхошна тІехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой». Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ. халкъана хьалха а хІоьттина, чІоггІачу озаца, гулделла долу халкъ Деле декъалдар дийхира Сулим-паччахьо.
Выбор основного перевода