Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маІаш а, турбанаш а, цІестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ гІали чу доккхура.
Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хІара мохк, Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.