Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тІорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагІанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. ТІаккха паччахьо а, массо а цуьнца болчу исраилхоша а Везачу Элана сагІа даьккхира. Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагІина ткъе ши эзар бежана а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цІа даздира. Оццу дийнахь Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанан дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. «Даудан гІалахь» шена цІенош дайтира Дауда. ТІаккха цо, Делан тІорказ дІахІотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дІахІоттийра. Делан тІорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТІаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. Делан бертан тІорказ Кхиръят-ЯІарим-гІалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина. Веза Эла, Хьо Іаш волчу метте дІахІоттахьа, Хьо а, Хьан олаллин тІорказ а.
Выбор основного перевода