Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баракха туьраца беш болчу тІамехь Сисра а, цуьнан гІудалкхаш тІехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хІун дан деза. Ткъа Сисра, гІудалкха тІера охьа а воьссина, гІаш ведда дІавахара. Ткъа КхахІатан тІаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хІунда аьлча царна тІедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дІабоьлхучу хенахь четаран еза хІуманаш шайн белшаш тІехь дІаяхьар. Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тІорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагІанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. Цул тІаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тІорказ, хІунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тІорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гІуллакх дайта а». Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, левихоша Делан тІорказ шайн белшашна тІедехкинчу хьокхашца дІадаьхьира.
Выбор основного перевода