Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаІал-Барт-делан цІа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тІаьхьахІиттира. Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?» Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тІеюьйхина гатанан оба бен, хІумма а яцара. Везачу Элан тІорказ Даудан гІалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоІ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.
Выбор основного перевода