Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тІеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Іабади-Эдоман цІа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дІадахьа. Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра. Цул тІаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Іаш волчу Ярушалайм-гІала шена тІекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цІе йолуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама.
Выбор основного перевода