Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала оццу гІенах элира Абу-Малике: «ХІаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цІенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. Дауда, чІагІо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхІунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, суний, Іожаллиний юккъехь цхьа гІулч бен цахилар». Паччахьо хушахочуьнга хаьттира: «Могуш-паргІат вуй къона Абушалам?» Хушахочо элира: «Сан эла волчу паччахьан мостагІашна а, цунна дуьхьал мел ваьллачунна а хуьлийла Абушаламна хилларг!» Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Вайна хаьа, хІара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
Выбор основного перевода