Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тІе а хевшина, ИбрахІиман ялхочунна тІаьхьа дІабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо. Цу хенахь Беар-лахьай-рои цІе йолчу меттера дІа а вахана, НегІабехь Іаш вара Исхьакх. Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогІу эмкалш гира. ДІахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тІера чуиккхира Ребикха. Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогІу жима стаг мила ву?» «Иза сан элан кІант ву», – жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира. Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира. Исхьакха шен ненан четар кІел дІайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чІогІа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.
Выбор основного перевода