Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цІе йолчу яьссачу арахь Іаш бара уьш. Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хІоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тІаьхьа чекхдевлира. Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. Дауда Ахаше элира: «ХІинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хІун далур ду». Ахаша Дауде элира: «ТІаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву». ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус вахана Йоаб вийра. Иза шен цІерачу яьссачу аренгахь дІавоьллира. Маннаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен паччахьан цІахь дІавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Амин.
Выбор основного перевода