Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда шен накъосташца, пІелаштамхой болчу а вахана, царах ши бІе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоІ Михула маре дІаелира. Дауда элира: «Дика ду. Со хьоьца берта вогІур ву. Амма сан хьоьга цхьа дехар хир ду. Аса хьуна сайн юьхь гойтур яц, нагахь санна ахьа со волчу вогІуш хьайца Шаулан йоІ Михула ца ялаяхь». Дауда Шаулан кІант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бІе пІелаштамхо сунт а вина, эцна йолу». Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кІантера Палтиалера схьаяккха. Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дІайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цІа юхаверза». Иза цигара юхавирзира. Орца даккха, Галлам-гІалин бахархой! Тидам бе, Лайша-гІалин бахархой! Жоп ло, Іанатот-гІалин бахархой!
Выбор основного перевода