Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъе итт тІемалочунна тІехь хьаькам волчу Іамсайна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха цо элира: «Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд, хьоьца ду тхо, Юшайн кІант! Боккха машар хуьлда хьуна, машар хуьлда хьан гІоьнчашна а, хІунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву». Дауда уьш, тІе а эцна, эскаран коьрте дІахІиттийра. Аша дІаделла долу маршалла тІеэца хьакъ долуш и хІусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хІусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хІусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. Шаьш чоьхьадевллачу цІа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хІокху хІусамехь!“
Выбор основного перевода