Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала оццу гІенах элира Абу-Малике: «ХІаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цІенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц». Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа.
Выбор основного перевода