Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахІиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоІана тІе». Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? Ткъа хІинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чІагІо йо ас, Везачу Эло хьоьга цІий Іана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагІий а, хьуна дуьхьал мостагІалла лелош берш а Набал санна хилла дІахІуьттийла! Декъала хуьлда хьан хьекъал а, хьо-хьуо а, бекхам беш соьга эрна цІий ца Іанадайтина йолу. Амма дийна волчу а, соьга хьуна зулам ца дайтина волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо ас, тахана хьо сихъелла суна дуьхьал еана ца хиллехь, Набалан цІийнах волу цхьа а боьрша стаг кханалерчу Іуьйренга ваьлла хир ма вацара». ТІаккха паччахьо кхин а элира ШамаІига: «Хьуна а, хьан дагна а хаьа сан дена Даудана айхьа дина вон. Ахьа йина хІуьттаре хьайн коьрта тІе ерзайойла хьуна Везачу Эло! Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Везачу Эло къен болчаьрга гІо доккхур ду, царна къола динчарна къола а дийр ду Цо. «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина.
Выбор основного перевода