Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дІа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц». ТІаккха Іелас элира: «Хьоьга хІун элира? Хьайга аьллачух хІумма а къайладаккха ма гІерта. Дала хьуна чІогІа таІзар дийр ду, ахьа сох хІумма а къайладаккхахь». Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кІелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а. Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа.
Выбор основного перевода