Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИзраІал, ЯкхдеІам, Занухь, Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гІалахь ваха хиира, хІора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израІалхо йолу АхьнуІмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигІал а. Йийсаре дІайигнера Даудан ший а зуда: израІалхо йолу АхьнуІмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигІал а. Дауд цига дІавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израІалхо йолу АхьнуІмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигІал а. Хьевронехь Даудана кІентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. ШолгІа кІант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. Хьеврон-гІалахь Даудана динчу берийн цІераш хІорш ю: Даудан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. ШолгІа кІант Даниал кармалхо йолчу АбигІала вина вара.
Выбор основного перевода