Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тІера чуиккхира Ребикха. Іотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Шен йоІ вир тІера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?» Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?» КІант дІавахара. Азал-тІулгана къилбехьара йолчу агІорхьара хьала а гІаьттина, ЯхІунатина хьалха гора а хІоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьІира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чІогІа воьлхура. Цо, хьала а гІаьттина, корта лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, элира: «Хьан лай кийча ю шен элан ялхойн когаш била а».
Выбор основного перевода