Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Сайна тешаме динан да дІахІоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гІуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гІуллакх а дийр ду. Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоІ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тІемаш дІа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пІелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан». мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагІех хьо кІелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цІа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хІара доІа дан Хьох хІоьттира. Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду.
Выбор основного перевода