Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тІебиллина йолу ши вир. Царна тІе диллина ши бІе бепиг а, цхьа бІе курс кишмаш а, цхьа бІе стом а, чагІар чохь долу пІаьлдиг а бара. Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тІехь, эмкалш тІехь, бІарзанаш тІехь, стерчаш тІехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагІар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хІунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.
Выбор основного перевода