Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И нах тхоьца чІогІа дика бара, цара тхо хьийза а ца дора. Уьш тхуна уллохь арахь болчу хенахь тхан цхьа а хІума а ца яйнера. Цул хьалха Дауда аьллера: «Аса яьссачу аренгахь эрна лардина хилла цу стеган хьал, цунна тІера цхьа а хІума гал а ца долуьйтуш. Диканна дуьхьал вон доккху цо. Ши шо дІадаьллачул тІаьхьа, Абушалам Эпрам-юьртана уллохь йолчу БаІал-ХьацІарахь шен уьстагІий лоргуш вара. Цо массо а паччахьан кІентий кхайкхира ша волчу. Абушалама, паччахь волчу а вахана, цуьнга элира: «Со волчу уьстагІий ларга нах баьхкина. Хьоьга а, хьан ялхошка а кхайкха веана со».
Выбор основного перевода