Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана тІехь паччахь хьо дІа а хІоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу, Ас цуьнца бина барт массо а ханна чІагІбийр бу. Цуьнан тІаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гІант а. Нагахь цуьнан тІаьхьено товрат-хьехам битахь, я уьш Аса тІедехкинаршца ца лелахь, нагахь Сан парзаш цара дохадахь, я Сан весеташ цара лар ца дахь, цара лелийначу зуламна Ас гІожаца таІзар дийр ду, цара летийначу къиношна еттарца Ас таІзар дийр ду. Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац, Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дІавоьрзур вац. Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац, Сайн багахула дІааьлларг хуьйцур а дац. Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чІагІо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац. Цуьнан тІаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тІаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа. Нийсо цуьнан хенаш тІера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду. Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кІел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дІалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Іибадат деш а, муьтІахь а хир бу“. Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гІорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цІа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду. Адамашна тІехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КІентан кара дІаделла Дас,
Выбор основного перевода