Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттахь токхо а йолуш Іаш болчара, Цунна Іибадат а деш, сагІа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а – массо а Цунна хьалха суждане гІур ву. Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалхā охьатаьІар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цІе. Исраилан халкъ мах баларца ПаргІатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагІовттур бу ларамца. Паччахьийн кІентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьІар бу, хІунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо». Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу.
Выбор основного перевода