Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чІагІо йо ас, Юха а левихойх болу ЮшаІ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхІу а, Шараб-ЯхІу а, ХІуди-ЯхІу а, Шабни-ЯхІу а, Патахь-ЯхІу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гІовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цІе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла! Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац.
Выбор основного перевода