Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан тІаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тІаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа. Иза хир ю абаденналц дІахІоттийна болу а, стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна». Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгІенаш чІогІа гІоьргІуьйтуш, хІорд карзахболуьйту Аса, Сан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш сецнехьара, – боху Везачу Эло, – Исраилан тІаьхье гуттаренна а Сан халкъ хуьлучуьра дІаер яра».
Выбор основного перевода