ТІаккха кхозлагІа а вахийтира паччахьо тІемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тІемалочуьнца. Цо, лома тІе хьала а ваьлла, Эли-ЯхІуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тІемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа!
Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гІарбаш йолчун кІант ву. Ахьа паргІатваьккхина со сайн буржалех.