Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу. Цо къаьмнашна юкъахь маслаІат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла, эрна аре самукъадаьлла хуьлийла, акха зезаг санна цо заза доккхийла. Исраилан халкъана тхи хилла дІахІуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петІамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо. Цо дукха халкъашна юкъахь маслаІат дийр ду, генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо,
Выбор основного перевода