Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хІорда тІера ПІелаштам-хІорда тІе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тІе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тІаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дІакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гІуллакх а дора цунна. ТІаккха, вир дІа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дІа а озош, дІаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь». Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Выбор основного перевода