Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бІе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогІучу бецийн хьакхарш а, деза тІулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогІу хІуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра. Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гІуда такхаран сагІа дахь, тІаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха. Шаьш цІа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хІиттина, кортош охьа а таІийна, Цунна Іибадат дира. ТІаккха Цунна совгІаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогІу еза хІума а, деза хьакхар а. Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. ХІунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хІумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бІаьрзе а, дерзина а хиларх! Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама!
Выбор основного перевода