Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар, хьайн тІаьхьенах берш аренгара буц санна хилар. Іаббалц тІуналла ло Везачу Элан дитташна, Цо Ша дІадоьгІна долу Ливанунан баган-дитташна. ТІедогІучу деношкахь Якъубан тІаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду. Исраилан халкъана тхи хилла дІахІуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петІамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо. Іуьно шок тохарца санна хаам а бина, Ас уьш схьагулбийр бу. Мах а белла, Ас паргІатбохур бу уьш. Хьалха санна, шортта хир бу уьш. Ялта дІадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тІейогІур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бІаьргаш дІа а беллий, кхаш тІе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хІинца.
Выбор основного перевода