Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!» Азалера абаденналц декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела! Амин! Амин! Хьо тамашийна гІуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац. Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Ша инзаре Іаламаташ Дечунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина.
Выбор основного перевода