Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан хьехам, догІа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогІур ду, сеналлина тІе догІу дерз санна хир ду, бацана тІе кхевсина догІа санна хир ду. ГадІана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кІелхьардаккха гІо дийр ду аьллера. Аса хьаьттахь уьстагІийн тІаргІа дІабаржор бу. Нагахь санна цу тІергІана тІехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тІехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кІелхьардер дуйла». малх хьалаболучу Іуьйренан нур санна, марха йоцучу Іуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догІа сецча хуьлу серло санна ю“. Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цІоз кхоьллира тІаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тІера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тІаьхьа, керла буц хьалайолуш.
Выбор основного перевода