Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Цуьнан тІаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тІаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа. Массо а ханна хуьлийла Везачу Элан сийлалла, воккхавеш хуьлийла Веза Эла Ша кхоьллинчух! нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцІеналлица а дийна волчу Везачу Элах чІагІонаш ел. ТІаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду». хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду, Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.
Выбор основного перевода