Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттахь токхо а йолуш Іаш болчара, Цунна Іибадат а деш, сагІа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а – массо а Цунна хьалха суждане гІур ву. Левиятан цІе йолчу хІордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира, цуьнан дегІ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дІаделира. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Цара ченаш тІе мотт хьоькхур бу, лаьхьано санна. Уьш шайн чІагІонаш чуьра арадевр ду, лаьттан нІаьний санна. Уьш вайн Везачу Далла тІе бегош боьрзур бу, Хьох кхоьруш а хир бу.
Выбор основного перевода