Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен мурдашка а хьаьжна, Іийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хІунда аьлча Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь ду шу. Іийсана жоп а луш, яхІудхоша элира: «Тхан да ИбрахІим ву». Ткъа Іийсас элира цу яхІудхошка: «Нагахь шу ИбрахІиман хІух делахьара, ИбрахІима дина доллу гІуллакхаш дийр дара аша. Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу. Шу сунтдан тІетеІош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта. Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тІаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама.
Выбор основного перевода