Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а элира Іийсас нахе: «Со дІавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац». Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду. И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дІахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГІогІ а, МагІогІ а, Іехадеш арадер ду и. Цо тІаме схьагулдийр ду, хІордан берда тІера гІум санна, дукха долу адамаш. Уьш дуьне мел ду дІадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гІала ю. Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь. Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна. ХІордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Іожалло а, эхарто а. Царна хІоранна а, шайн-шайн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йира. Іожалла а, эхарт а цІе яьлла богучу Іам чу тесира. (И Іам шозлагІа валар ду.)
Выбор основного перевода