Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІинца со сайн халкъана тІе юхавоьрзу, амма хьуна дІахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». Цхьаммо ала тарло: «Яа хІума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хІуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хІаллакдийр ду». Делахь а вайн дегІ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догІмаш Іалашдийр ду. Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш.
Выбор основного перевода