Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тІе дІа а яздай, динан ворхІе а тобанийн гуламашка дІадахьийта. И тобанаш ю хІокху гІаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь». Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а.
Выбор основного перевода