Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву. „Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. „Девза Суна шун гІуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дІакъовлалур йоцу неІ дІайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кІезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дІа а ца тесна.
Выбор основного перевода