Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хІоттийна Іаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. Муабахойн зударша шайн цІушна лерина хІитточу сагІанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагІина деанарг а доура, церан цІушна Іибадат а дора. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. Йорама, шена ЯхІу гича, хаьттира: «ЯхІу, машарца вогІий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цІушна Іибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хІинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхІус. Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а.
Выбор основного перевода