Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас АхІароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Іовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хІоттае, вайн тІаьхьенашна юьсур ю иза». ТІаьхьа, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, АхІарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тІорказ чохь йолчу, Дала еллачу тІулгийн экъанашна хьалха хІоттийра, Іалашъярхьама. Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цІе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цІе. Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг. ХІунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догІуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг». Дала леррина Къобалвинарг кІоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Іожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна, Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра. Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь.
Выбор основного перевода