Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. Царна юкъахь Тхьайтир-гІалара еана, Лидия цІе йолуш цхьа зуда яра. Иза цІен деза кІадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахІале ладоьгІучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахІала дуьйцучух тешийтархьама. Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тІе дІа а яздай, динан ворхІе а тобанийн гуламашка дІадахьийта. И тобанаш ю хІокху гІаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь». Цуьнан коьрта тІера месаш, тІаргІа а, ло а санна, кІайн яра. Цуьнан БІаьргаш а дара йогу алу санна.
Выбор основного перевода