Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гІуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХІунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. «Сардис-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхІ Са а, ворхІ седа а Болчо: „Девза Суна шун гІуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цІераш лелайо, амма шу делла ду. „Девза Суна шун гІуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дІакъовлалур йоцу неІ дІайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кІезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дІа а ца тесна.
Выбор основного перевода