Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву. Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. Шаьш тІеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогІур ву Со.
Выбор основного перевода