Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а. Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш. Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу. Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах. Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву». Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.
Выбор основного перевода