Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. И де догІур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, муьлххачу а лекхачу бІаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, ткъа цІуш гуттаренна а дІабевр бу. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Стагах бІобулий ма Іе – мерІуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тІетовжа йиш юй ткъа? цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна. Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира. Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дІа а хьаьрчина, дІахьулъелира. ХІора лам а, гІайре а меттахъяьккхира. Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тІеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргІат берш а хьехашна чохь а, чІажашна чохь а дІалевчкъира. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Выбор основного перевода