Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. Паччахьан гІантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Іаршана хьалха бертал а эгна, Далла Іибадат дора цара. Цу нехан тобано стигаларчу Іаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кІелхьарваьккхинчу, цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Іамалора.
Выбор основного перевода