Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тІе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера. КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. Акацин дечигах тІорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. Цул тІаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Іаш волчу Ярушалайм-гІала шена тІекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цІе йолуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама. ТІаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а эцна, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дІахІоттийра, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел. Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а деана, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел, охьадиллира. Дийнатийн сибат, догуш долу кІегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цІе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра. Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра. Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду. Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тІера йогуш йолчу цІеран кІегийх буьзира. ТІаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гІовгІа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра. Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна». ТІаккха стигаларчу мархина тІехиъна волчо, лаьттана тІехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира. Стигалахь долчу Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара. Цул тІаьхьа со дІахьаьжира. ТІаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дІаеллаелира. ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра. Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара.
Выбор основного перевода