Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан леш болчеран декъий стигаларчу олхазаршка даийта дІаделла, ткъа Хьуна тешаме болчеран догІмаш цара лаьттарчу акхарошна дІаделла И бакъйолу Серло дуьнен чу йогІуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху. Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. Иштта Іийсас а, Шен цІийца нах базбархьама, гІалин кевнал арахьа бала лайра.
Выбор основного перевода