Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх. Цуьнан мерІуьргаш чуьра кІур арабийла болабелира, доллу хІума дІакхоллуш йолу цІе Цуьнан багара а елира. догуш долу кІегий охьаэгара цу чуьра. Эли-ЯхІус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Юха, стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира. ТІаккха паччахьо кхин а цхьа тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а вахийтира Эли-ЯхІуна тІе. Оцу тІемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!» Эли-ЯхІус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира. Цунна хьалха цІе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагІий оцу цІаро дІакхоллуш а бу. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхІу, Аса йогуш йолу цІе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цІеро уьш дІакхоллур бу.
Выбор основного перевода