Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогІучу хенахь, цІеххьана схьаеанчу цІеран гІудалкхо а, цІеран говраша а дІасакъастийра уьш. ТІаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу стигала хьалавахара. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Цул тІаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дІаеллаелла неІ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тІаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна». Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира. (Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза. Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
Выбор основного перевода